Top.Mail.Ru
Об университете
Поступление
Образование
Аспирантам
Наука
Инновации
Молодёжная политика
Спорт
Сервисы
Пресс-служба

Главный корпус

  • 364051, Чеченская Республика, г. Грозный, пр-т им. Х.А. Исаева, 100
  • +7 (8712) 22-36-07
  • info@gstou.ru

Приемная комиссия

  • 364051, Чеченская Республика, г. Грозный, пр-т им. Х.А. Исаева, 100
  • +7 (8712) 22-36-07
  • info@gstou.ru

Нохчийн меттан денца!

25 Апреля 2026, 20:04, Университетская жизнь

Тахана вайн махкахь билгалдоккхуш ду Нохчийн Меттан Де! Даггара декъалво хIокху дезачу денца Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьажин Рамзан а, иштта дерриге а нохчийн къам а!

Муьлххачу а къоман оьздангаллин бух матто кхуллуш бу, цундела таханлерачу дийнахь къаьсттина мехала ду иза Iаморехь а, ларбарехь а къахьегар.

И декхарш шен леранчу тидамехь латтош, мотт Iаморе халкъ кхойкхуш а вара Нохчийн Республикин Хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьажа (ДАЛА гlазот къобалдойла цуьнан).

Иштта нохчийн мотт хаарехь, иза Iаморехь а вайна масал хилла лаьтта вайн Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьажин Рамзан. Ненан мотт бовзар, иза хаар а, кхиор а хIоранне а декхар хилар гойту Нохчийн Республикин Мехк-Дас.

Кхин цкъа а даггара декъалво Нохчийн Меттан денца вайн Мехк-Да Ахьмад-Хьажин Рамзан а, дерриге нохчийн къам а! Дала тIаьхье беркате йойла вайн!

Ларамца,

Академикан М.Д. Миллионщиковн цIарах йолу

Грозненски Пачхьалкхан мехкдаьттан технически университетан ректор

Минцаев Мохьмад



Сообщить об ошибке

Опишите ошибку подробнее

Адрес электронной почты для обратной связи