Оханан беттан 25 дийнахь вайн махкахь билгалдоккхуш ду Нохчийн Меттан Де!

Даггара декъалво хIокху дезачу денца Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьажин Рамзан а, иштта дерриге а нохчийн къам а!
Мотт — иза муьлххачу а къоман оьздангаллин бух бу, цундела таханлерачу дийнахь къаьсттина мехала ду иза Iаморехь а, ларбарехь а къахьегар.
Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьажа (ДАЛА гlазот къобалдойла цуьнан) къаьсттинчу тидамехь латтош дара мотт кхиоран, баржоран а декхарш. Ненан маттахь литература кхиорехь мехала гIулч йара цо йаздархошна а, иштта интеллигенцин векалшна а гIо-накъосталла дар.
Хууш ма-хиллара, ненан мотт хаарехь а, цуьнца цхьана къоман истори йовзарехь вайна масал хилла лаьтта вайн Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьажин Рамзан. Ненан мотт бовзар, цуьнан тIегIа лакхадаккхар а, цуьнан кхане ларъйар а вайх хIораннан декхар ду!
Дала кхачадойла вай цу Iалашоне!
Кхин цкъа а даггара декъалво Нохчийн Меттан денца вайн Мехк-Да Ахьмад-Хьажин Рамзан а, дерриге нохчийн къам а! Дала тIаьхье беркате йойла вайн!
Ларамца,
Академикан М.Д. Миллионщиковн цIарах йолу Грозненски Пачхьалкхан мехкдаьттан технически университетан ректор
Минцаев Мохьмад