Тахана вайн махкахь билгалдеш ду уггаре мехалчехь цхьаъ долу Нохчийн меттан де

Сайн цIарах а, Академикан М.Д. Миллионщиковн цIарах йолу Грозненски Пачхьалкхан мехкдаьттан технически университетан хьехархойн а, студентийн а цIарах Нохчийн меттан дезачу денца даггара декъалван лаьа вайн Мехк-Да а, иштта берриге махкхахой а!
ХIора къоман мотт- цу халкъан уггаре мехала гIирс а, цуьнан оьздангаллин бух а бу. Ткъа нохчийн мотт кхиор, цуьнга лерам, ларам гайтар – вайн хIораннан а деккхарех цхьаъ ду.
Нохчийн Республики Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана ненан матто дIалоцу меттиг къаьсттина билгалъйеш а, иза баржорехь къахьегар лаккхарчу тIегIанахь латтош а ду. Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!), нохчийн матте хиллачу лераме хьаьжжина, Цо охьабиллинчу новкъа дIавоьдуш вайн Мехк-Дас Iаламат мехала дакъа лоцу иза кхиорехь.
Дала тIаьхье беркате йойла вайн!
Ларамца, Академикан М.Д. Миллионщиковн цIарах йолу Грозненски Пачхьалкхан мехкдаьттан технически университетан ректор Минцаев Мохьмад.